Below is the text of the page https://www.radiomarsho.com/a/27495180.html stored 2016-03-15 by archive.org.ua. The original page over time could change. View as original html

Нохчашна шайн гIиллакхех десте а таръеш...

ТIекхочийла долу линкаш Юкъахдита, чулацам гайта [#content] Юкъахдита, навигаци гайта Юкъахдита, кхидIа лаха Лаха Лаха Хьалхара РогIера 0 Breaking News Хьалхара РогIера 0 ХIицца хуьлург Нохчийчоь Нохчашна шайн гIиллакхех десте а таръеш... Дечкен-беттан 18, 2016 Чабаев Лоьма РогIерчу "гIиллакхах воьхначу" нохчочунна довдеш ву Кадыров Рамзан, Лах2016 Яхьийта Яхьийта Фейсбук тIе Яхьийта Твиттер тIе Яхьийта Гугл+ тIе Яхьийта доттагIчуьнга Бахархойн хIусамаш ягорах, бехк боцуш стаг лацарх, сийсазварх, верах жоп ца дехар-м ша ду, ур-атталла Оьрсийчоьнан бахархошлахь рейтинг а яц Кадыров Рамзанан южуш. Стенна ца го Кремлна Оьрсийчоьнан конституци Нохчийчохь лелаш йоцийла? ГIиллакхаша куьйгаш даьстина? Харцонний? (4:06) Get Adobe Flash Player ГIиллакхаша куьйгаш даьстина? Харцонний? ▶ 0:00:00 ▶ Линкана тIе MP3 - 64 kbps | 1,9MB Плеер Гайдаран цIарахчу Оьрсийчоьнан халкъан бахаман, пачхьалкхан гIуллакхдаран академин белхахочуьнца, Iилманчица Казенин Вячеславца дийцаре дира оха и хаттар. Маршо Радио: Конституцица йогIуш йоцу харцонаш лелон стенна могуьйту Кадыров Рамзанна, аьлла, шега динчу хаттарна жоп луш, шо гергга хьалха Путин Владимира ша толлур ду, элира, хьан, стенна дагийна Нохчийчуьрчу бахархойн цIенош. Амма цхьа а жоп ца дийхира Кадыровгара. ХIун хьелаш ду-те иза бехказа воккхуш? Казенин: «Меттигера Iедал цхьана а дозанийн системано сецош а доцуш, хецаделла. Харцонаш маьршша лелайо. Кавказехь (кхечанхьа а дера ду иза-м иштта) хьаькамаша шайн Iалашонаш тIеяхархьама, масала, критика шайна ца яйта, я шайна мутIахь воцчу цхьаьннан бизнес дIалакъон, юьхьара доху, ир-кара хIиттадо низамца гарадовлу халкъан ламасташ. Уьш къоман гIиллакхаш ду, олий. Ма-дарра аьлча, иштта чIагIдо шайн олалла, гIиллакхашца шайн карара мукъ шаьш кхолуш санна». Маршо Радио: Нохчийчохь лаьтта хьал, бакъоларъярхоша а, могIарчу наха а тоьшалла дарехь, ца догIу Оьрсийчоьнан дахаран юкъарчу хотIца а. Стенна яц оцу къизаллина дуьхьал реакци Кремлера, стенна магадо Соьлж-ГIаларчу администрацина кхечу меттигашкахь магош доцург, хьуна хетарехь? Казенин: «Мел йогIу Нохчийчоьнна цигахь лела политика? Ас иштта эр ду. Кавказера вуьйш мехкашший, Нохчийчоьй цхьана могIара хIоттор нийса дац – Нохчийчоьно баккъал а тIом ма лайний. Цундела еххачу заманахь нохчий хьаьгна Iийна юха а тIом ца балийттал ницкъ болчу Iедалх. Дисинарг цунна коьрта а дацара. Делахь а, хIинца ала ду «тIом генахь бисина», цуьнга хьажжина, Далла бу хастам, нехан хьашташ а ду хийцалуш, хийцалуш ду царна Iедалера оьшучу хьелийн сурт а. Хетарехь, Нохчийчуьрчу Iедалан кестта кIаддан дезар ду шен хатI, шен амал». Маршо Радио: Муьлххачу адамна а санна, нохчочунна а оьшийла дешан маршо, критика а ловш Iедал, кхета ца езара Кремл, Оьрсийчоь? Казенин: «Москох, Кремлехь а ца боху ас, Москох, эскперташна, журналисташна, муьлххачу а Къилбаседа Кавказца къамел догIучунна хетачух аьлча, цунна моьтту кавказхой кхечу низаман кхетамашкахь, кхечу гIиллакхашкахь беха. Адамийн юкъаметтигаш кхин ю, Москох стагна ца мегарг, шога хетарг, цигахь наха ловш тIеоьцу, боху ойла лела пачхьалкхан коьртачу шахьарахь. Нийса дац дера иза-м, дера дац...». Кхуьнца йоьзнарг ГIиллакхаша куьйгаш даьстина? Харцонний? Аудион меню Керланаш Артиклш Видеош Махкахойн Видеош КIиранан Хаттар Нохчийн библиотека Нохчийчоь Оьрсийчоь Нохчийн программа Кавказан Даарш Нохчийн ЦIерабахар Адамаш, Хиламаш, Зама Видео/сурташ Шун Оьзда ГIиллакхаш Дахаран Генаш Нохчийн Мотт Архив Диаспора ДАIИШ Хьалхара ТIом Кавказ Дуьне Къилбаседа Кавказ Инфографика Махкахойн Сурташ КХИН А Маршо Радион ерриг сайташ Радио Маршо ЛадогIа эфирерчу программе 07:20 - 07:40 Карарчу хенахь Iуьйранлера Программа ТIедогIург 19:20 - 19:40 Суьйранлера Программа 07:20 - 07:40 Iуьйранлера Программа КХИН А РАДИОШ Нохчийн Программа Back to top Лаха тхо Артиклш Керланаш Дуьне Адамийн Бакъонаш Интервью Экономика Спорт Мултимедиа Видеош Махкахойн Видеош Махкахойн Сурташ Кавказхойн даарш Аьттонаш Подкаст IOS Android Тхох лаьцна Маьрша Европа/Маршо Радио © 2015 RFE/RL, Inc. Ерриг бакъонаш долаяьхна ю