Below is the text of the page https://www.radiomarsho.com/a/27443306.html stored 2016-03-15 by archive.org.ua. The original page over time could change. View as original html

Стенна юкъаяьккхина «Оьрсийн Дуьне» олу идея

ТIекхочийла долу линкаш Юкъахдита, чулацам гайта [#content] Юкъахдита, навигаци гайта Юкъахдита, кхидIа лаха Лаха Лаха Хьалхара РогIера 0 Breaking News Хьалхара РогIера 0 ХIицца хуьлург Оьрсийчоь Стенна юкъаяьккхина «Оьрсийн Дуьне» олу идея ГIуран-беттан 22, 2015 Султанов Ахьмад Яхьийта Яхьийта Фейсбук тIе Яхьийта Твиттер тIе Яхьийта Гугл+ тIе Яхьийта доттагIчуьнга Хьажа комменташка Дукха хан яц «Оьрсийн дуьне» олуш долу и хIума Оьрсийчоьнан Iедалша юккъедаьккхина. Кремль, ша цуьнах дIа мел къестарх а, цуьнан куьг а, Iаткъам бен, кхидолу тоьшаллаш а го, тIаьххьарчу 20 сов шо хьалха, Советан пачхьалкхан юккъахь хиллачу мехкашкара конфликташкахь. Царах цхьа а йирзина а яц, муьлхачу а хенахь, юха а лата кийча а ю. Масех де хьалха, Ломанан Карабахехь а тIеман тасадалар хиллера, 13 стаг вен а вуьйш, 30-х лаза а веш. И конфликт а ю, лакхахь юьйцучарех цхьаъ. «Оьрсийн дуьне» олучу дешан а идеян бухбиллархо граф Уваров ву олу, кхечу хьосташа-инарла Черняев лору. Цуьнан боцца чулацам бу-"оьрсийн мотт хьо буьйцуш валахь, хьо оьрсий ву". Таханалерачу политикехь, оцу «Оьрсийн дуьненна» идея юха а айинарг лору Сурков Владислав. Тамашийна далахь а, амма, цIийца цIена боцу нахах онда патриоташ хуьлу, бен дац оьрсийн а, я нохчийн балахь а. Тахана, «Оьрсийн дуьне» даржа дезачу мехкашкахь, кIезга бисна шаьш оьрсийн бахархой. Уьш алсам хилар ду, коьрта оьшург, и идея яьржийта а, кхио а. Долчу лараршца Совета пачхьалкх йоьхча, Оьрсийчоьнан дозанелла арахь бисинера 25 миллион оьрсий. Тахана, и терахь лахделла 16 миллионан тIекхаччалца. Ткъа, геннарчу пачхьалкхашкахь дIаихинчеран терахь лакхадаьлла 10 миллионе кхаччалца. «Оьрсийн дуьне» бохучу идеян ши агIо ю: дика а вуо а, аьлла Маршо радиога дийцира нохчийн политолога Эльсункаев Надирсолтас. "Оьрсийн дуьне" олучу идеян агIонаш (1:14) Get Adobe Flash Player "Оьрсийн дуьне" олучу идеян агIонаш ▶ 0:00:00 ▶ Линкана тIе MP3 - 64 kbps | 582,6kB Плеер И шоллогIа агIо, политологан Эльсункаев Надирсолтан хетарехь, чIогIа кхераме ю, дуьххьара ша Оьрсийчоьнна. "Оьрсийн дуьне" олучу идеера кхерам (1:11) Get Adobe Flash Player "Оьрсийн дуьне" олучу идеера кхерам ▶ 0:00:00 ▶ Линкана тIе MP3 - 64 kbps | 557,0kB Плеер Нохчийчуьра оьрсийн мотт буьйцуш болу бахархой, уггаре а уьш дукха болчу хенахь а, бацара бухахь долчу къомаца дIаийна. ГIаланашкахь, нохчийн шай ненан мотт Iамо аьтто ца лора Iедалша. Ура-аттала, юккъараллийн транспортаца а, воьдуш-вогIуш, оьрсийшкара тIехтохам боцуш ненан мотт бийца йиша яцара. Ткъа, хIинца, и «Оьрсийн дуьне» даржадан лууш далахь, цуьнан дика агIонаш хьалхаяха еза. Бухара къаьмнаш вахь а таIош, церан ламасташна а, меттанашна а эшам хира балахь, и хIума хуьлуьйтура ду аьлла ца хета политологан Эльсункаев Надирсолтан. "Оьрсийн дуьне" олучу идеян, хьалха санна Iаткъам балура бац къаьмнашна (0:21) Get Adobe Flash Player "Оьрсийн дуьне" олучу идеян, хьалха санна Iаткъам балура бац къаьмнашна ▶ 0:00:00 ▶ Линкана тIе MP3 - 64 kbps | 167,7kB Плеер Азера а, Кавказера а, Прибалтикера а Совета пачхаьлкхан юккъахь хиллачу республикашкахь тахана дукха ца бисна оьрсийн бахархой. Церан терахьаш лоруш бина талламаш а бу. ГIеххьа лахделла иза. Москохахь, мел лаарх, уьш цига юхаберзахь а тамаш бу. ХIокху инфографикан интерактиван верси ган аьтто бац хьан дивайсаца ​ ​ Кхуьнца йоьзнарг Стенна юккъеяьккхина ю «Оьрсийн дуьне» олу идея Гайта комментареш Юза комментареш Аудион меню Керланаш Артиклш Видеош Махкахойн Видеош КIиранан Хаттар Нохчийн библиотека Нохчийчоь Оьрсийчоь Нохчийн программа Кавказан Даарш Нохчийн ЦIерабахар Адамаш, Хиламаш, Зама Видео/сурташ Шун Оьзда ГIиллакхаш Дахаран Генаш Нохчийн Мотт Архив Диаспора ДАIИШ Хьалхара ТIом Кавказ Дуьне Къилбаседа Кавказ Инфографика Махкахойн Сурташ КХИН А Маршо Радион ерриг сайташ Радио Маршо ЛадогIа эфирерчу программе 07:20 - 07:40 Карарчу хенахь Iуьйранлера Программа ТIедогIург 19:20 - 19:40 Суьйранлера Программа 07:20 - 07:40 Iуьйранлера Программа КХИН А РАДИОШ Нохчийн Программа Back to top Лаха тхо Артиклш Керланаш Дуьне Адамийн Бакъонаш Интервью Экономика Спорт Мултимедиа Видеош Махкахойн Видеош Махкахойн Сурташ Кавказхойн даарш Аьттонаш Подкаст IOS Android Тхох лаьцна Маьрша Европа/Маршо Радио © 2015 RFE/RL, Inc. Ерриг бакъонаш долаяьхна ю