This version of the page http://www.radiomarsho.com/a/27701864.html (0.0.0.0) stored by archive.org.ua. It represents a snapshot of the page as of 2016-05-27. The original page over time could change.
Гадаев Мохьмад-Салахь. ЦIахь витина кIант

ТIекхочийла долу линкаш

  • Юкъахдита, чулацам гайта
  • Юкъахдита, навигаци гайта
  • Юкъахдита, кхидIа лаха
Гадаев Мохьмад-Салахь

Гадаев Мохьмад-Салахь. ЦIахь витина кIант


Нохчийн кIант

  • Яхьийта Фейсбук тIе
  • Яхьийта Твиттер тIе

Гадаев Мохьмад-Салахь.

ЦIахь витина кIант

Нана яхна базара,

Соьга аьлла:Iиэлахь цIахь.

Дикниг хир ву,

Аьлларг дахь.

Со а,

Нанас аьлларг деш,

Iуьйрре дуьйна

ЦIахь ву Iеш.

Со а,

КIад а ца велла,

Я кхиэра а ца велла.

Шел а, вох а ца велла,

Амма веллаЧIогIа

Мац

–Со ира а хIотталац.

Дош ду хIара?

Нане ала деза ас:

Я со кхин цIахь ма вита,

Я

цIахь соьца

Кийчча

Юург-мерг йита!

Мохьмад-Салахь Гадаев вина гIуран-беттан 6-чу дийнахь, 1909-чу шарахь. 1928-чу шарахь иза Ростовехь рабфаке деша дIехIутту. 1930 шерашкахь иза Нохчийчохь историн а, меттан а, литературан а Iилман-талламан институтехь болхбан волало иза. Лермонтован а, Толстойана, Пушкинан а, Некрасован а, Шевченкон а дийцарш нохчийн матта гочдо. Цу хенахь цуьнан ши книшка арайолу “Ши стаг”, “Буьйсанан дошло”, “Нус”, “Гуьржи”, “Акхалла”, “Хазман”, “Накъостий”, кхиерш а.

1942-чу шарахь иза антисоветан агитаци лелорна а, национал-троцкистан тобанан декъашхо хиларна а бехкевой, пхийтта шарана набахти чувуллу 1957-чу шарахь иза набахтичуьра араволу. 1957-чу шарахь иза Iедало юха а дIалоцу нохчийн къам сийсаздина яздорхо вийна аьлла бехке а во. Амма тоьпаш тоха дина тIайзар хуьйцу, цуьнан метта 25 шо набахти чохь даккха хан туху цунна.

1972-чу шарахь набахти чуьра ара а волий, Даймахка юхавогIу иза. Араваьлча, псевдонимах пайда а оьцуш, цо дийцарийн гуламаш язбо. ГIуран-беттан1972-чу шарахь Мохьмад-Салахь велира.

Back to top
XS
SM
MD
LG