Мултимедиа
-
Охан-беттан 30, 2016
Нохчичоьнан куьйгалхочун вешин кIант зуда ялош ву тахана
Кадыров Рамзанан вешин кIант зуда ялош ву тахана. Зуда ялош верг Кадыров Зелимханан (Рамзанан кхелхина ваша) кIант Хьамзат ву.
-
Охан-беттан 22, 2016
Лавров Ереване варна дуьхьал протест
Эрмалойчоьнан коьртачу шахьарехь нах протестана арабевлира Оьрсийчоьнан арарчу гIуллакхийн министр шайн махка варна дуьхьал. Протестхоша дIахьедира, Лаврова шеца Карабахера конфликт ерзо лерина еана машаре план эрмлойна дуьхьал хилар. Цара кхин а дIахьедира оьрсийн герз Азербайджанана дохкар сацаде аьлла.
-
Охан-беттан 20, 2016
Роза, СаIийдин Нана
Террорхошна ахчанца гIодина аьлла пхи шо набахти чохь даккха хан тоьхна СаIийдина. Амма цуьнан нанна иза бехке яц аьлла хета. СаIийдин евзаш йоцчу йоIо кийтарло а йина, чуйолийтина боху цо шен йоI. Шен цхьаъ бен йоцчу йоIах, шен кхолламах лаьцна дуьйцу СаIийдин нанас.
-
Охан-беттан 20, 2016
ГIиргIизойн махкахь керла низам тIеэца тарло бусалбачу нахана аьттона
ГIиргIизойн парламент пIераскан дийнахь делкъанна белхахошка шина сохьтехь садаIийтаран хьокъехь низаман тIетохар тIеэца дагахь ю. Бусалбачу нехан рузба ламаз дан алсам хан хилийтирхьама доккхуш и низам ду. Цунах шайна хетарг дIахоийту Iедалхоша а, наха а, бакъоларъярхоша а.
-
Охан-беттан 03, 2016
Палмира тахана
Франс-пресс агенталлан корреспондент Махер аль-Мунес вара Зазадоккху-беттан 27-чу дийнахь Палмира "Исламан пачхьакх" тобан тIемалох маьрша яьккхича уггаре хьалха цига кхаьчна журналист. Цунна гина сурт иштта дара.
-
Охан-беттан 02, 2016
Карабахехь чевнаш хилла салтий дIакхачийна Ереванерчу дарбан хIусамашка
-
Охан-беттан 02, 2016
Ломара Карабахехь тIематасадалар хилла
-
Охан-беттан 01, 2016
#РамзанНеУходи
"Весна" олучу Петарбухерачу демократин боламо кечйина социалан машанашкахь шайн флешмоб. #РамзанНеУходи ю цуьнан цIе.
-
Зазадоккху-беттан 31, 2016
Астанан бIаьстенан некъаш
-
Зазадоккху-беттан 25, 2016
Шен кхоллараллах дуьйцуш ю ГIиргIизойчоьнан президентан Атамбаевн йоI
ГIиргIизойчоьнан президентан Атамбаев Алмазбекан 19 шо долу йоI Шагиева Алия сурташ дохкуш ю. 200 эзар сом даьккхина цо уьш доьхкина. И ахча хаьажо дагахь ю Алия цамгарца бала хьоьгучу берашна гIо дан. "Карарчу Хенан" репортеро Бектурсунов Адилета кечйина хIара видео, суртийн гайтамехь сурташдахкархочуьнца къамел а дина.
-
Марсхьокху-беттан 22, 2015
Мел хаза бу вайн Даймохк!
Го баькххина бохь лекха лаьмнаш а долуш, сирла къеггина малх кхеташ мохк бу Нохчийчоь. ЦIена, башха хIаваъ, шийла, мийларх ца Iебаш хиш, беркате адамаш. Соьлж-ГIалин гIовгIанах ведда вахана, лачкъа аьхна меттиг бу. Цкъа кху Iаламах, хазаллах бIаьрг кхетахь, гуттаренна а дагахь дуьсур ду Нохчийчоьнан исбаьхьа Iалам. Екхна стигал, мархаш, латта, аренаш, хьаннаш, ежа говраш, бежнаш, Iаьнна кечден докъар,..