This version of the page http://www.radiomarsho.com/a/25393131.html (0.0.0.0) stored by archive.org.ua. It represents a snapshot of the page as of 2016-05-03. The original page over time could change.
Белхан-мигранташа сагIа а доьху Нохчийчохь

ТIекхочийла долу линкаш

  • Юкъахдита, чулацам гайта
  • Юкъахдита, навигаци гайта
  • Юкъахдита, кхидIа лаха
Нохчийчоь

Белхан-мигранташа сагIа а доьху Нохчийчохь

  • Султанов Ахьмад

Оьрсийчоь - Мигрантех даржа тарлучу уьнах ларлуш яха еза гIулчаш тIехь йолу брошюра, Оьрсийчоьнан Юкъараллин ХIусамехь, 9 Оха 2014.

  • Яхьийта Фейсбук тIе
  • Яхьийта Твиттер тIе

Массийта бутт бу Нохчийчохь, белхан мигранташна доьхьала болх Iедалша болийна. ХIокху цхьа кIирнахь гуттара а жигара баьккхина иза, вьтенмахойн хьокъехь. Бахьан ду, юккъараллехь яьржа йолаелла цхьа видео.

Вьетнамхойн белхахой болчу метигашкахь рейдаш Нохчийчохь хIара шо дуоладелчу дуьйна ю. ХIокху 5 баттахь, гIуданаш а тухуш, ша верг араваьккхина лоруш ву 30-х стаг. НОжай-юрт а, Шела а, Ведан кIоштера арабаьхна хIокху деношкахь, низамаш а дохош болх беш болу нах. Къаьсттина хIокху деношкахь и болх, къаьстина вьетнамхошна доьхьала жигар баккхар цхьана декъан бахьан ду, махкахь доладелла эладитта, шай бригадир нохчи вен а вийна, виъна бохуш. Оцу хIуманна тоьшалла ду аьлла цхьа видео а ю, телефонашца яьржош.

Цу тIехь, гойтуш ду, дохийна адамийн дакъ. Цуьнан меже а ю ей чохь кхехкиина гуш. И кIоршме сурт, цхъьа зулам дичну меттера яьккхина юьйла хаа, амма, билгала иза Нохчийчохь, я иза вьетнамхоша дина аьлла тоьшалла дац. ТIьахьо къаьстина, и зулам дукха хан йоцуш Дагестанехь хиллийла. Цхьана оьвлара маларчас, шен доттагI, ша санна маларч вийна диг тоьхна. Цул тIаьхь, шен тIекхалла хIума ца карийча, адамийн жижиг диъна цуо кхехка а дина.

Амма, вьетманхошна доьхьала болабелла болх кхин лах а ца беш дIахьош бу махкахь, хьанна хаа цара хIун до бохуш. ХIора кIоштехь лоьхуш бу уьш хIицна. Карабаьхкича, шай дозаналла арабоху. Хьалха-Мартан кIоштехь гулъйинера иштта цхьа тоба. Уьш а, кIоштан дозаналла арабехира полисхоша. Шу Вьетнам цигахь ю шуна, бохуш Соьлжа-агIора куьг хьежадора уьш новкъа баха веанчу полисхочо.

Полисхо: «ЛадогIал соьга! Кху агIора кхин цхьа а вогIуш вац шуна! Вьетнам цигахь ю шуна! Цига дIагIо. Дика дуй? Шу кхин юхбахкахь, шу набахте чу бухкура бу шуна. Ша верг кхийтири шу? Машен чу а хиина ма гIо дIа. Хьалха-Мартан полиции болх беш ю!».

ХIора юьртахь бу вьетнамхой. Цара болх йоьхьанца дика бора, амма хIинца кегар бан Iаьмма бохуш арз до царна а, церан леларна а бахархоша. Ислам цIе йолчу жима стага иштта элира цуьнах лаьцна.

Ислам: «Белхаца долу хIума дика бо цара. Вай нохчелла а дика бора. Дуьххьара схьабаьхкинчу хенахь дика болх бора. Амма, гIиллакх а, гIуллакх а, вай Iадаташца догIуш хилла дац. Нахана юккъехь мегаш доцу хIумана лар-м лора уьш, делахь а… Дуьне тIехь, дIа мел лелаш йолу хIума юуура цара, тIема долу кемий, лаьттахула Iдайоьду машиний йоцург. ТIаьххьарчу хенахь, мухха а бича мегар бу олий, малбелла а уьш».

Нохчийн къам дIадохийначу хенахь, царна иштта а болу бала алсамбаьккхина хилла, уьш Узбекистане кхаьчча. Меттигера бахархой дукха къизий, бохамо бахкийначу нехан догоьцуш ца хилла. Баккхийчара хIинца а дуьйцу иза. Амма, тахана узбекаш санна дика Iаш мигранташ бац Нохчийчохь. Шайна лиъча сагIа а доьху, лиъча гIишлошъярхойн белхаш а до, лиъча кафеш схьа а оьций бизнес а йола йо. Нохчийн кIинхетаме бу.

ГIийла валачу стеган хьолах кхета, цундела, цкъа а царна гIело еш, етташ, бойуш хIума хааделла дац. Амма, амалан и агIо, гIело санна лору цхьаболчу мигранташ. Цундела а, кхечу бахаьнашца а, махкахь мел волу белхан мигрант цIа вахийта везара аьлла хета Исламан.

Ислам: «Уьш арабаьхча, суна гIоле хета. Тахана, лара а чот йоцуш кегирхой бу вай, болх а бийра болуш. Кхечу къомах болу нах схьа а бахкабой, царна лаккхара алап хуьлуьйту. Цул совнах, цаьрцани болх бечу нохчашна, царелла кIезга ло ахча. Бен а вац, иза милла а валахь. Шай цIахь бакъахь бу уьш. Дукха схьабаьхкича уьш, нохчий вьетнахой дIаийча дика хира дац. Балха тIехь кегар бан а боьвла уьш, мегар дара бохуш. Уьш цIера баьхча, вайчарна болх хира бара аьлла ехета суна».

Вьетнамхой а, кхиберш а, кхиберш а, арабаьхча а шортта буьсура бу Нохчийчохь. Саьрмикан цхьа корт дIабаьхкича, цуьнан меттан шиъ тIеболуш санна, юха а чу оьху и нах. Махкахь хьов, ерриге а Оьрсичохь чIогIа са хуьлуш болх бу, белхан мигранташна Iуналла, кхечу дашца аьлча царна тхов бар. Кхетачу бахьнашца, могIарерачу нахе иза далура а дац, я полисхой, я миграцийн урхалла иза ца хилча.

Кхуьнца йоьзнарг

  • Белхалоша-мигранташа сагIа а доьху Нохчийчохь

Back to top
XS
SM
MD
LG