Шинара, Лахьанан-бутт 04, 2014 Меттигера хан 00:56
Аудион раж
Эфиран раж
Подкаст
Дехарца Программа


Оьрсийчоь

Нохчийн къам юьхьIаьржа хIиттадо Донбассе лестачара

ТIаьххьарчу деношкахь кеп-кепарчу хьостанашкахула яьржинчу видеоша а, аьзнаша а шеко ца юьту, Донбассе а кхаьчна, цигахь Украинан эскаршца тIемаш беш Оьрсийчуьра тIемалой а, эскаршкахь гIуллакхден кегийрхой а хиларх. Нохчий а бу царалахь дуккха а...

Украина -- Донецкехь пачхьалкхан эскаршна дуьхьал лаьттачу сепаратистийн тоба, 25Мар2014

Мултимедиа

Аудио
  • Донбассера нохчий

Лоьма Чабаев

 

 

 

Тезеташ къайлаха-къулаха хIутту Нохчийчохь. Теркйистехь, масала, кIира хьалха цхьана дийнахь маьI-маьIехь хилира царех массийтта. Амма нахана дихкина уьш хIитто а. Украинехь белла кегийрхой балийна, я дакъа доцу тезет хилла дIогахь-кхузахь олий, хаам бо Маршо Радионе хийлачо, амма доьху шен аз дIа ца яздар, шегара официалехь тоьшалла ца дехар. Цундела тхан таро яц ишттачу хьостанех пайдаэца.

Ткъа тхоьца къамелаш дан  хIуьттучара иштта дуьйцу. Ис стаг вагийна, дакъа дохийна  я данне а доцуш, кеп хIоттош, каш дина, дIавоьлли махкахь бохуш дуьйцу къира хьалха Маршо Радиоца къамелаш диначара.

Нохчийчуьра тоьшаллаш
Нохчийчуьра тоьшаллашi
▶ || 0:00:00
... ⇱
 
🔇
X
  • Юза

 

Интернетехула, масала, Ватс-аппехула, кхечу тешамечу хьостанашкара схьаэцна Маршо Радионо массех видеокийсик. Уьш ю Украинехь яьхна. Гойту цара нохчий Донбассехь, цигарчу террорхойн могIаршлахь дуккха а буйла.

Донбассехь лазийна, лаьцна Украинан эскархо ву кху  видео чохь. Нохчийн мотт бу "толамхочо" буьйцург.

Муьлххачу а нохчочун кийра цIе юьллуш дош ду «зачистка». Шаьш зачистка дIахьош ду боху Донбассерчу цхьана юьртан урамашкахула, боьха хабарш а багахь,  маса тоьпаш хьалха а яьхна, сиххачу боларахь хьаьлхина боьлхучара а. Церна хотIо дагалоцуьйту 1995 шарахь СемаьIашкахь, 100 стаг а вуьйш, оьрсаша хIоттийна «зачистка», я 2000-чу шарахь, 60 стаг а вуьйш,  Аьлдахь эккхийтина къематде. 

"Зачистка" еш бу нохчий герзахойi
▶ || 0:00:00
... ⇱
 
🔇
X
28.08.2014

Путинал башха, къера вац ша Украинан маршо хьаша нах хьежош хиларна я Кадыров Рамзан а. Уьш бан-м бу цигахь, амма ша хьежийна бац, бохура цо денош хьалха.

ТIемаш беш яьхна видеош, цIерачу нахана хьалха дозаллаш деш, телефонашкахула дIа а кхоьхьуьйту Нохчийчуьрчу тIемалоша. Царех ю хIара а.

Украинахошца тIом беш бу нохчийi
▶ || 0:00:00
... ⇱
 
🔇
X
28.08.2014

Ткъа телефонехула хIара къамел дийриг Нохчийчуьрчу шен хьакамна довзуьйтуш ву шен куьйга кIелхьарчу герзахошкара шийла хьал. Къамело гойту Нохчийчуьра Украине лелачу а, цигара богIучу а герзахошца бухарчу хьакамаша зIе латтош юйла.

ДецIерачу хьаькамца къамел до террорхойн буьйранчас
ДецIерачу хьаькамца къамел до террорхойн буьйранчасi
▶ || 0:00:00
... ⇱
 
🔇
X
  • Юза

 

Дуккха а бу Украинерчу оьрсийн сепаратистийн могIаршкахь нохчий тахана. ХIинццалц иза бакъ дац баьхна кхетамчохь болу нохчий ца тешийла дац тоъал яьржинчу информацех.

Нагахь санна, и бакъдерг нохчийн къоман сий дожош юьхьIаьржо хиларх уьш тешна белахь, бакъо яц церан шайн къовсам нийсонан хорша ца берзо а, Нохчийчоь керлачу баланех Iалашъярхьама, Донбассе лестачу нохчийн герзахойн юьхь ца яха а.

ХIара форум дIакъевлина ю.
Комменташ Къестор
Комменташ
     
мила: Богдан Чеченский стенгара: Украина
01.09.2014 16:29
Чеченцы воюющие за Россию и Путина против украинского народа, говорить с вами о чести я считаю ниже своего достоинства и поэтому откладываю эту тему в сторону. Я дал бы вам другой совет:"Берите туалетную бумагу и сторожите Путина у туалета. Может он больше полюбит вас?" Из этого карлика вы сотворили себе бога и Аллах вас неминуемо накажет в этой жизни и в будущей. Стыд и позор вам и вашим будущим потомкам. Чеченский народ потерявший за эти две войны более трёхсот тысяч человек в ближайщее время призовёт вас и вашего кумира к ответу. Сейчас в Украину прибыл Иса Мунаев с чеченскими боевиками из Европы. Ряды его батальона пополняются по арефмитической прогрессии лучшими сынами Ичкерии и других народов Северного Кавказа. Мы готовимся к решаюшей схватке с нашим злейшим врагом- Россией. Хвала Аллаху по своему разумению ниспославшему на нас эти испытания.

ХIокху Авторан Алсамуо

  •  "Исламан Пачхьалкх" а, Кадыров Рамзан а
  •  Норд-Ост, 12 шо, таллаза битина бохам
  •  Кобзон а, Валерия а шайн гIалахь ган ца лаьа лондонхошна
  •  Нохчийн Машаран Боламо трибунале воьху Путин Владимир
  •  Европа: Нохчийн Машаран Марш
Алсам Артиклш

Тхох лаьцна

Мобил:                        +420724019832
SMS/жоп ло машен:   +79262360465

Радио:
ЛадогIа   Лестамаш        Меттигера хан
денна       5885, 9520         07:20 - 07:40
денна      13590, 11800     19:20 - 19:40

Сателит:
Eutelsat Hot Bird 13B
Орбитера меттиг: 13° малхб
Поларизаци: Vertical
Лестам: 12.226 GHZ
FEC: 3/4
Керла Символан Барам: 27.5 MS

ЛадогIа тхоьга

Нохчийн Программа

Суьйранлера Программа