Шинара, ГIадужу-бутт 21, 2014 Меттигера хан 18:11
Аудион раж
Эфиран раж
Подкаст
Дехарца Программа


КIиранан Хаттар

Оьрсийчоьно нехан мехкийн кIошташ дIайохуш лелочу "референдум"-гIирсан муха мах хадабо аша?

УКраинан эскарер салтий бу Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаша гоне лаьцначу Украинан тIеман базина уллехь богIуш, Симферополна уллера Перевальное, 17Заз2014

Article Poll

Хеттарийн архив
 
Нохчийн къоман йозуш йоцу пачхьалкх кхолла лаам а, гIезалойн къоман бозуш ца хила хилла лаам а охьатаIийна - Нохчийчохь хIинца а Iенаш цIий ду и бахьанехь - Нехан пачхьалкхан декъе, ГIирме, эскарш хьовсийна, цигахь ах-гIайре Оьрсийчоьнах тохаран референдум дIаяхьаран муха мах хадабо аша?
 
ХIокху хаттарна жоп луш телефон тоха тохоьга я доцца кост таса ПрахIерчу номерна тIе - + 42 07 24 01 98 32.

Деккъа кост хьажаде тхан Москохарчу телефонна тIе - 8 92 62 36 04 65.

Маршо радионан сайта тIехь комменташ йита.
ХIара форум дIакъевлина ю.
Комменташ Къестор
Комменташ
     
мила: мохьмад стенгара: канада
18.03.2014 20:53
Кремалера хьердаьлла ж1аьла ду, шен хеннахь ша сацо нах ца хилла дела, нахана т1едетталуш, кайетташ!Х1инца Г1ирмехь хуьлуш дерг, Нохчийчоьнан Сийлахь-Боккха Даймехкан т1ом болчу хенахь и фашисташ сацо дуьненан йукъаралло г1о ца дина дела хуьлуш ду.1994-1996 шерашкахьлера и т1ом дуьххьалд1а Нохчийчоьнан т1ом а боцуш, йерриг Йевропа оцу 1аьржачу уьнах к1елхьарайоккхуш т1ом хиларх Йевропа кхеттехьара, церан герзаца, нохчийн доьналлица г1азкхийчоьнан ма1аш кагйан цара г1о динехьара, кремал хенан йохаллехь меттахйала йаьхьар йацара! Ц1ий ца мелча ца 1еба г1ам санна, карзахваьлла пилипутин ву, т1ом бичий бен шен сий хьала ца доьдий хууш, ша летийначу къиноша, ша лечкъиначу халкъийн ахчанo ларт1аван ца вуьтуш, шен буг1ан б1аьргаш къерзош, шен сина карзахваьлла хьийзаш!Цуо шен карахдалахь Косово а йухайерзор йу, Боснехь а т1ом бийр бу, Азербайжан а схьалоцур йу, Балти пачхьалкхаш а йохийна д1айог1ур йу, Молдова чу а г1ур ву, Днестран Республикехь а, Г1ирмера г1азкхаша санна шега дехар динера аьлла, г1азкхийн салтийн барзакъ доьхна шина кога акхарой д1ах1иттор йу.Лилипутин хенахь чуверза араваьлла вац, цунна ,монголийн олаллин к1елахь уьш болчу хенахь йерриг г1азкхийчоьнера йал-йасакх схьагулйан бакъо луш д1алуш хилла дашо йарлаг а д1акховдийна, артисташ, йаздархой, журналисташ, кинойаккхархой ду шаьш, бохуш лелачу лай-г1арбашаша. Х1инца коьртехь болу г1азкхий бешаш цхьа а пачхьалкх йац, шаьш сацуо дуьненахь цхьа а ницкъ боций ша санна шера хаъ царна. Ткъа референдум маьрша территори т1ехь бен йан йиш йолуш йац, и Нохчийчохь санна, цхьа тайнигех ловзар ду! Тидам т1ебог1уьйтуш дерг ду, вайн махкахь сийна ц1е тесна т1ом боьдучу хенахь а, и шаьш д1аболабале хьалха дийцинарг а ду х1инца украинхошна дуьйцург! Ахчанан дукхалло кортош дахийна, ур-атталла шаьш биттанчу аьшпийн хьесап деш шен-шен терхи д1ах1итто а дог ца дог1уш, малоне бирзина уьш!Доцца аьлча, Нохчийчохь Шайх Мансура XVIII б1ешарахь, Имам Шемала XIX б1ешарахь, XX б1ешарахь Жовх1ара куьйгалла деш хилла т1ом, Кавказ парг1атйаккхарехьа т1ом хилла ца 1аш, Йевропа г1азкхийн акхаройх ларйина т1ом хилар, Йевропано хьовха дерриг дуьнено даре дина, дуьне меттах ца далахь, кремалера черчий дуьненан коьшкала хховшур йац ала меттиг-м ца буьсу! Дала Лардойла вай цу дийнан балеха!

мила: ЦIе ца йовзийтинарг
18.03.2014 03:39
Иза аш яз йинчу вариантах масситта ала йог1уш хета суна.

Шаьш динарг чекхдер дуйла хууш, харцдерг чекхдаккхар

Тоьпан кIелахь тесна кхаж маьрша хуьлийла дац

Массо пачхьалкх декхар йолу, дуьненаюкъара бакъонаш йохор

2003-чу шарахь, боьдуш тIом болуш, Нохчийчохь йинчух терра "референдум"

И кхаж бола а балале хууш хилла хир дар царна цуьна жам1 муха хир ду. Цара Нохчийчохь ма ярра референдум яра изам.
Ночашкара Нохчийчоь хьа яккхича а Гуьржи махкера Абхази хьа яккхича а шайна х1умма а новкъарло я жоьпе озор ца хилла дела, майра Г1ирма хьа йоккхуш ю росси.

Тхох лаьцна

Мобил:                        +420724019832
SMS/жоп ло машен:   +79262360465

Радио:
ЛадогIа   Лестамаш        Меттигера хан
денна       
9740, 11850      07:20 - 07:40
денна      11900, 15620     19:20 - 19:40

Сателит:
Eutelsat Hot Bird 13B
Орбитера меттиг: 13
° малхб
Поларизаци: Vertical
Лестам: 12.226 GHZ
FEC: 3/4
Керла Символан Барам: 27.5 MS

ЛадогIа тхоьга

РогIера программа

19:20 - 19:40 Суьйранлера Программа
Нохчийн Программа

Iуьйранлера Программа