Шинара, ГIадужу-бутт 21, 2014 Меттигера хан 18:16
Аудион раж
Эфиран раж
Подкаст
Дехарца Программа


КIиранан Хаттар

Къам дохадаран гуттаренна мах хадон

Вайнах 1944-чу шарахь цIерабахар геноцид ю аьлла, итт шо хьалха цу зуламан мах хадийнера Европан Парламенто. Амма Оьрсийчоь жигара ялар бахьана долуш, цу тIехь сецна и гIуллакх.

Article Poll

Хеттарийн архив
Депортаци буьззинчу барамехь таллийта а, дерриг дуьненахь цуьнан бакъболу мах хадабайта а хIун дан дезара аьлла хета шуна?
 
Шайна хетарг ала тхоьца зIене довла, ПрахIа-гIалара телефонехула: +42, 07 24  02 98 32. 

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 92 62 36 04 65.

Хаттаран хьокъехь яздан йиш ю тхан сайта тIехь а - коммент йита. Кху хаттарна жоьпаш еарин дийнахь хир ду.
ХIара форум дIакъевлина ю.
Комменташ Къестор
Комменташ
     
мила: Мансур стенгара: Шотланди
27.02.2014 02:01
1. Уггар хьалха вайнах ц1ерабахаран нийса ц1е яккха еза - иза адамаллина дуьхьал дина зулам ду, геноцид ю, аьлла.

2. Т1етаь11ина тоьшаллаш гулдан деза.

3. Х1ора доьзало шайн чуьра баккхийчарга хоьттуш, чохь х1ун хилла, х1усамаш муьлханаш хилла, маса говра-етт-уьстаг1а-гомуш-эса-сту-котам-бад хилла хатта хоьттуш, д1аяздан деза.

4. Диканиш адвокаташ лехна, массо меттехь латкъамаш чубала беза. Г1азакхиша, церан Нохчийчура марионеткаша уьш юхатухур ду. Амма, сема хила деза, латкъам нийса язбан беза, схьакхоьссича, я к1еда-мерза аьлча, аса пхи туьма лур ду хьуна, хьаэцахьара хьайн кехат аьлча, схьа ца эцахь, и ворда хахкаелла, цунах боккха лам хилла, Кремлана т1екхетар бу. Компенсаци яккха еза чуьрачу бахамех, мацаллех, г1елонех, нехан махкахь беллачу гергарчарех.

5. Ц1адаьхкича х1усамаш схьа ца луш латтийначу г1елонех ша баьккхина мах х1оттон беза.

6. Ц1е бехъеш, къам сийсаздарх кхин мах х1оттон беза.

7. Шемарий-Мемарий т1емаш т1ехула кхерсташ ца лелаш, Европехь деша деза уггар тоьллачу университеташкахь. Тоьллачу адвокатийн говзаллашца къийса деза.

8. Нохчашна т1ехь йинарг геноцид яц аьллачунна та1зар дог1уш, низам т1еэцийта деза.

Суна ишта хета.

мила: мохьмад стенгара: канада
25.02.2014 23:37
Вайн пачхьалкх хиллалц, геноцид йу аьлла т1еэцам барх, цуьнан т1аьхье хила ма йеззара хир йац! Кхечу къаьмнийн санна, бертахь, массо а къомах хьакхалучу х1уманна т1ехь мукъане а цхьабарт хилла, и г1уллакх айбина лела лобби олург а вайн йоцуш йу! Цундела, Дала аьтто а бина, вайн пачхьалкх хилахь, вай къобалдар хьалхара а долуш, и геноцид москога т1елацийтар шолг1а г1уллакх хилла д1ах1уттур ду, вайн дипломатийн, геланчийн дукха ч1ог1а цу т1ехь къахьега дезар ду! Цу т1ехь вайн мел аьтто хир бу хьаьжжина кхид1а йог1учу заманан дахар нислур ду, ткъа оцу т1ехь вайн ка атта йала там бу оцу йог1ун йолчу хенахь, вайн къилбаседера уггар дера лулахо ша схьалаьцначу мехкашкара д1а а вахана, шен гуран чохь, москохан республика олучу пачхьалкхехь чу къовлавелла хилахь!Делахь а вайн ваьшна хаа моттахь а, вайна х1уммаъ ца хаъ, Хууш верг Дела ву!, нагахь санна Иза вайна кхоччуш оьг1аз ца ваханехь, вай маьрша пачхьалкх хила хьакъдолчарна йукъа тохаъ там бу Цуо!

Тхох лаьцна

Мобил:                        +420724019832
SMS/жоп ло машен:   +79262360465

Радио:
ЛадогIа   Лестамаш        Меттигера хан
денна       
9740, 11850      07:20 - 07:40
денна      11900, 15620     19:20 - 19:40

Сателит:
Eutelsat Hot Bird 13B
Орбитера меттиг: 13
° малхб
Поларизаци: Vertical
Лестам: 12.226 GHZ
FEC: 3/4
Керла Символан Барам: 27.5 MS

ЛадогIа тхоьга

РогIера программа

19:20 - 19:40 Суьйранлера Программа
Нохчийн Программа

Iуьйранлера Программа