Шоьта, Марсхьокху-бутт 02, 2014 Меттигера хан 20:37
Аудион раж
Эфиран раж
Подкаст
Дехарца Программа


Интервью

Джемилев: ГIирмера гIезалой шайн дайн латта тIехь бу

Кремло ГIирмехь чIагIдинчу керлачу Iедалша ГIирмерчу гIезалойн лидерна Джемилев Мустафина дихкина, шен дай баьхначу латта тIе юхаверзар. ГIирмера гIезалой шаьш Сталинан режимо цIерадахаран 70 шо кхачар билгалдаккха кечлуш болчу юкъанна, Маршо радионан сервисан корреспондента Голицына Натальяс масех хаттар делира Джемилевга Оьрсийчоьно ГIирма дIаяккхарх а, гIезалошна депортаци яр билгалдаккхарх а лаьцна.

Украина -- Гlирмера гезалойн лидер Джемилев Мустафа Киевера конференцехь. 5Сти2014

Мултимедиа

Аудио
  • Джемилев: ГIирмера гIезалой шайн дайн латта тIехь бу

Умарова Амина
Маршо радио: ГIирмера гIезалой цIерабаьхна 70 шо кхачар билгалдоккхуш, цхьа а леррина хIума хир ду аьлла хетий хьуна?  
 
Джемилев: ГIезалой цIерабахар гуттар а ша-тайпа де ду берриг ГIирмера гIезалошна, иза массанхьа а билгалдоккхуш а ду, гIезалой стенггахь белахь а. Оккупацин Iедалш и де билдаккха дуьхьало ян луучух тера дац. Мелхуо а, цига бахка бахка лууш бу (Iедалан векалш).

Оцу кепара ГIирмера гIезалошка шаьш беш болу оза-безам гайта лууш бу. Делахь а, ГIирмера гIезалошна гIортор еш боцурш цу дийнахь бахкарна бехкамаш баха дагахь ю ГIирмерчу гIезалойн Меджлис. Цундела хьал гIоьртина хилар хаало.»  
 
Маршо радио: Оьрсаша ГIирма дIаяккхар муха туьду ГIирмера гIезалоша? Цхьа а аьтто буй, Меджлисан керлачу Iедалшца цхьаьнаболх бан?  
 
Джемилев: Оьрсийн Iедалша ГIирмехь мел волчунна шайн махкалла дала лууш ду. ГIирмера гIезалошна ца лаьа оьрсийн махкалла тIеэца. Иза тIе эца лууш берш, арахьара махкалла долу санна тIеоьцуш бу.»  
 
Маршо радио: ГIирмера хIинцалера Iедалша шаьш Меджлис йоьхкур ю аьлла тесна кхерам мел бакъ хила тарло?
 
Джемилев: «Советан Iедалша къобал ца бинера тхан къоман болам, цунах антисоветаш я экстремисташ алара. Изза хуьлуш ду тахана а. Мухха делахь а, мел чолхенаш лелаяхь а, Меджлис ехар йолуш ю, цара иза ехкахь я, ца ехкахь а.»
 
Маршо радио: Украинех дIакъастарца доьзна хаттар дийцаре а даьккхина, цхьаммо а къобал ца йина йолу референдум дIаяьхьира Украинан малхбалерчу кIошташкахь Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа. ГIирмера гIезалошна луур дуй ГIирмехь шайн автономи дIакхайкхон?
 
Джемилев: «Дуьххьара дIа дуьйна а, оха тIедиллинера, тхайн латта юхаметтахIоттор. Цхьацца гIирман дакъаошкахь а доцуш, ерриг гIирмехь. ХIунда аьлча, ГIирма тхан Даймохк бу. Я Украинан а я Оьрсийчоьнан Iедалша жоп ца делира, тхоьга, хIинца ГIирмехь дукхах берш оьрсий бу, аьлла.

Ма-дарра аьлча, Сталина депортаци а, геноцид а йиначул тIаьхьа, ГIирмехь 14 процент гIезалой бен ца бисина. Амма иза бахьана дац, тхуна тхайн къоман латта тIехь кхечеран санна бакъонаш ца яла. Хала хеташ делахь а. И хаттар къастийна дац, хIинцалера оккупацин Iедалшна бухахь и проблема къастор ю аьлла ца хета суна.»
 
Маршо радио: ГIирмехь хьайн хIусам а, доьзал а бу хьан. Хьуна ГIирме вахар дехкарца, хьуна хьайн доьзалх дIакхета новкъарло йо меттигерчу Iедалша. Цунах лаьцна хIун эр дара ахьа?
 
Джемилев: ТIаьххьара сайн хIусамненанх нейтаралан латта тIехь кхета дийзира сан. (Украинина а, Оьрсийчоьнна а юкъахь долчу дозанехь). Тхан цхьаболу махкахой ган еана яра иза цига, цул тIаьхьа дуьйна тхо вовше дайна дац.

Сайн дозал ган йиш яц сан. Советан Iедалийн хенахь а цунах ваьккхина лелла со ишта. Хьалха хилларг ду-кх хIинца юха а хуьлуш.»
ХIара форум дIакъевлина ю.
Комменташ
     
ХIокху форумехь цхьа а коммент яц. Хьалхара а хилий, тIетоха цхьаъ

ХIокху Авторан Алсамуо

  •  Яра Хьайбах я, яцара? И ду хаттар!
  •  Дицдан омар делла нохчийн кинематографна а
  •  Малхбале Украинера референдумо йохийна бакъонаш
  •  Тангиев Тимур бакъвеш Страсбурган Кхело бина сацам юхаталла йолаелла Нохчийчура лакхара Кхел
  •  «ГIирмера бакъдерг дийцарна» 300 журналистана пачхьалкхан совгIат делла Путина
Алсам Артиклш

Тхох лаьцна

Мобил:                        +420724019832
SMS/жоп ло машен:   +79262360465

Радио:
ЛадогIа   Лестамаш        Меттигера хан
денна       
9740, 11850      07:20 - 07:40
денна      11900, 15620     19:20 - 19:40

Сателит:
Eutelsat Hot Bird 13B
Орбитера меттиг: 13
° малхб
Поларизаци: Vertical
Лестам: 12.226 GHZ
FEC: 3/4
Керла Символан Барам: 27.5 MS

ЛадогIа тхоьга

Нохчийн программа

Суьйранлера Программа