Шоьта, Марсхьокху-бутт 02, 2014 Меттигера хан 20:36
Аудион раж
Эфиран раж
Подкаст
Дехарца Программа


Диаспора

Австрера кхин цхьа нохчо кхелхина Шемахь гIаттамхойн могIаршлахь

Кхаа шарахь сов дIабоьдучу Шемарчу тIамехь дакъалоцуш, тайп-тайпанарчу хьостанашца, масех бIе нохчий жима стаг ву. Царех кхелхинарш хIинцале иттанашкахь бу. Нохчийчуьра хилла а ца Iаш, Европе мухIажарш бевлла дIабахначу вайнахах а бу, Шемарчу тIамех дакъа лоцуш дуккхаъ кIентий. Царех рогIениг вийна аьлла кхаъ кхаьчна, Венехь бехачу цуьнан гергарчу нахе.

Шема -- Алеппона йистехь Асадан ницкъаша яккхий бомбанаш йиттича гIаьттина кIур, 31Деч2014
Азимова Сийлаха
 
„Бер долуш Нохчийчуьрчу тIамех кIелхьараваьллера иза, мухIажар а ваьлла, Вене схьавеънера, кхузахь цхьанна тайпана гIарваьлла воцуш, тийна-таьIна вехаш вара, амма тIом тIаьхьара ца баьллера цунна – 33 шо долу Хьасан Венерчу Хитцинг кIоштанара дIа Шема ваханера, муджахIид санна тиран Iасад Башар вожо, амма Алеппо гIалахь кеманаша бомбеш тухучохь вийра иза“, - иштта яздо цхьана Австрерчу газетехь рогIера нохчийн жимстаг Шемахь кхалхарх лаьцна.
 
Хьасан, дийцарехь, Туркойн махкахула дIа дехьаваьлла хилла Шема, цигахь бусулбачу гIовттамхойн цхьана  тобанах дIакхетта а хилла. Алеппо гIалара кеманийн порт Iасадхошкара схьаяккха гIерташ бинчу тIемашкахь цкъа хьалха чов а хилла, лоьрийн гIо тIекхачале кхелхина иза.
 
Хьасан, амма, хьалхара вац Австрера Шема гIазот даккха а вахана, кхелхина волу нохчо. Иза, мел кIезга а, цхьайтталгIа ву, Венехь вехачу нохчийн юкъараллин жигархочуо Исханов Хьусейна дийцарехь. Уьш вуно тайп-тайпанарчу социалан а, дешна хиларан а, Iер-дахаран а тIегIанашкара нах бу, цхьанна а кепара хIара аьлла классификаци ян цкъачунна аьтто боцуш, бохуш дуьйцу Хьусейна.
 
Исханов Хьусейн: „И хIинца дIакхелхинарг а воцуш, суна хууш кхин итт ву уьш цигахь вийна. ХIара цхьайтталгIа волчух тера ду. Оцу хьолехь чIогIа хала ду цаьрга вистхила а, цаьрца хIуммаъ дийца а, уьш кхето а. Царна юккъехь тайп-тайпана нах хуьлу, дешна а, университеташ яьхнарш а хуьлу. Вайна ма-моттара, хьо цига хIунда воьду, ма гIо цига аьларх тоам ца хуьлу цунах.

Суна схьахетарехь, вайн къоман баккхийчарний, кегийчарний юккъехь дукха доккха доза кхолладаларна хила а мега иза. Кегийнарш шайн тобанашкахь лела, бакхийнарш шаьш лела. Вай дерриш а цхьана меттехь гуллуш хилча-м дуьйцур а дара, политиках а, дахарехь зеделлачух а, тIамах а – дерриге а, амма цкъачунна иштта меттиг йоцуш ю. 

Шемахь боьдуш берг цу къомана юккъера тIом бу, шинна агIор леташ берш а шемахой бу. Иза, суна хетарехь, нохчийн бала болуш хIуммаъ дац. Вайн махкахь чекхбаьлла а боцуш, дIабоьдуш тIом бу, иза муха сацор бара теша бохучунна ойла ян езаш дара вай“.
 
Кхин а сингаттаме хIума ду и джихадан романтика нохчийн кегийчу нахана юккъехь яьржина хилла ца Iаш, цуо иштта мехкаршна а, зударшна а юккъехь орамаш тессина хилар. Массарна а дагадогIу, Нохчийчоьнан куьйгалхочуо, йоI Шема тIаме яхна аьлла, цу махкара миграцин сервисан куьйгалхо балхара дIаваккхар а, иза сийсазвар а.

ДIа теллича и йоI марехь а йолуш, шен хIусамдеца яхана хиллера Шема. Амма марехь боцурш а, хIинца-хIинца хьалахIиттина зудабераш а ду Шема оьхуш, даха хьагна а, бохуш дуьйцу Хьусейна.
 
Исханов Хьусейн: „Кегий нах цига тIаме бахар-м, шайн майралла гайта а, доьналла гайта а  хир дара, кхета со, амма зудабераш а ма ду цига дIаоьхуш. Кху Венера, суна а хууш, 6 йоI яхна цига. Царех 3 юхаерзийна, вукхарех хIун хилла суна ца хаьа. Марехь а доцу зудабераш цига эхар – иза дика дац. Божарий а бу, цхьаберш, зударий а бахкабой, шайн доьзалшца цига дIаоьхуш.

Кхузахь хилла а ца Iаш, массанхьа а ду иза. ЦIера дIаоьхуш а бу, ур-атталла даржашкахь болчу хьакамийн бераш а тIаьхьа. Цу берийн наноша шаьшна шеконе хIума хааделча, хилларг хилла даллалца а ца Iаш, уьш цига дIабахале орца лехча, гIо дехча, дика хир дара, уьш дIабахначул тIаьхьа а ца лоьхуш. ДIабахначул тIаьхьа вуно хала хуьлу уьш карон а, цIаберзон а“. 
 
Масех де хьалха интернет-машанахь шуьйра баьржира Шемахь тIом бечу нохчийн тIемалойн цхьана йоккхачу тобан куьйгалхо, схьагарехь, йоллучу Шемахь а цIеяяхана муджахIид хилла волу, Мачаликашвили Руслан, я цуьнан керлачу, Шемахь лелачу, цIарца яьлча, аш-Шишани СайфуллахI верх болу хаам.

Алеппо гIалара набахте Iасадхошкара схьаяккха гIерташ бинчу тIамехь хилла иза. ТIемалойн йоккхачу тобанан хьалха цу набахтина тIелата вахана волу аш-Шишани СайфуллахI, жимма хан яьлча, атаках гIуллакх ца хуьлуш, шен тIемалошца юхавала дийзира. 

Видеогайтамехь ма-дарра гуш а долуш, цу набахтенна уллорчу, Iасадхоша герза деттачу кхерамечу зонера сехьа а бевлла, шайн базе схьа а баьхкина, цхьа шецара лазийна волу Iарбо лоьрийн цIийна вигийта машен чу хаош воллучу цунна дIаьндарг кхеташ гуш ду.

Гуш ду иштта синмета кхетта иза оцу сохьта леш а. Цу дийнахь цу тIамехь кхин шиъ нохчо вийна бохуш а дуьйцу хуучара, иттех лаза а веш. Цу кепара, Шемарчу тIамехь оьгучу нохчийн терахь дела денна аьлча санна дебаш хилар а гойтуш.
 
Цу юкъана Австрин Iедалша Шемахь вийна волчу Хьасане, цуьнан дакъа шаьшна схьагина ца хиларна,  кхайкхам бина, стигалкъекъа беттан 6-гIа кхачале, Венерчу кхеле гучувала, ца валахь, официала хьесапехь хьо  кхелхина ву аьлла дIакхайкхор ву, бохуш. 

„Амма Хьасанан доьзалехь цхьа а сатийсам бисина бац, иза кхин цкъа а гаре. Хьасан хийрачу лаьттахь дIавоьллина ву, шех хьакхабала безаш ца хиллачу тIамехь воьжна. Ткъа Венехь цунна боьлхуш Iа цуьнан доьзал“, - иштта чекхйолуш ю меттигерачу газетехь рогIера Шемахь кхелхинчу нохчочух йолу артикл.
ХIара форум дIакъевлина ю.
Комменташ Къестор
Комменташ
     
мила: ЦIе ца йовзийтинарг
28.02.2014 11:00
к1ентий цига эхар шайн цхьа ният долуш хила мега царна ала х1ума дац сан.амма мехкарша лелориг ларт1ехь доцу х1ума ду аьлла хета суна . х1инцале дуьйцуш ду иштта т1едаьхкина зудбераш хьийзийна дайина меттигаш ю бохуш . шаьш х1иджра до боху цара суна хетарехь тахана цигара хьал х1иджра дан йиш йолуш дац .х1ораммо шайн йо1 я йиша сацо еза аьлла хета суна х1унда аьлча цара дийриг бух боцуш х1ума ду.

мила: ЦIе ца йовзийтинарг
27.02.2014 10:55
Шайг х1ара вай т1ом бац Шемахь берг аьлча реза боцуш хьоьжу цхьаццаболу нохчий! Хьан х1ун бала бу шайн некъ, 1алашо юьхьара а лаьцна арабевлачу нахех олий бехк боккху, амма х1умма дацара цигахь оцу г1азотехь болчеран хьалхарниш сионистийн интересаш ларъян арабевлабацахьара, доллу дуьнено, 1еламхоша ишшта доккха г1азот ду арадовла аьлча, доцуш дерг доцуш ду ! Эрна, шаьш муьлхачу т1амехь, хьена доьхьа леш бу а ца хууш болчу кегийрхох къахета-кх! Шайн дагахь-м Далла доьхьа арабевла хир бара уьш амма джих1ад кхайкхина а доцуш 1елам наха, цара д1ахьуш дерг х1ун ду техь?!

ХIокху Авторан Алсамуо

  •  Оьрсийчоьнан газан йийсарера ца ялало Европа
  •  Хьан чудаийтина Малайзин кема?
  •  Нохчийчохь лела ша-тайпана низамаш
  • Оьрсийн гIоьнца чудаийтина Украинехь Боинг, аьлла, хета Малхбузенехь
  •  Amnesty International: Политикан тутмакх ву Кутаев Руслан
Алсам Артиклш

Тхох лаьцна

Мобил:                        +420724019832
SMS/жоп ло машен:   +79262360465

Радио:
ЛадогIа   Лестамаш        Меттигера хан
денна       
9740, 11850      07:20 - 07:40
денна      11900, 15620     19:20 - 19:40

Сателит:
Eutelsat Hot Bird 13B
Орбитера меттиг: 13
° малхб
Поларизаци: Vertical
Лестам: 12.226 GHZ
FEC: 3/4
Керла Символан Барам: 27.5 MS

ЛадогIа тхоьга

Нохчийн программа

Суьйранлера Программа