Шоьта, Марсхьокху-бутт 02, 2014 Меттигера хан 20:36
Аудион раж
Эфиран раж
Подкаст
Дехарца Программа


Нохчий ЦIерабахар

Нохчийн къомана диц ца делла цIерадахар. Амма меттигера Iедалша дихкина

Ямартлонца Советан Iедало нохчийн къам, кхечу кегийчу къаьмнашца цхьаьна, дохорах лаьцна дийца магош дац Нохчийчохь хIокху деношкахь. Стигалкъекъа беттан 10-чу дийнахь билгалдоккхур ду аьлла дIатеттина, ах къам хIаллакхьхилла де. Амма нохчийн юкъараллехь и де диц ца делла. Цкъачунна-м, хIете-вете а. ХIора шарахь леш, дIабовлуш бу, цIерабахар де хIинца а хьалха лаьттарш.

Нохчий махках бахарна лерина Дудаев Джовхаран Iедалехь хIоттийна хилла хIоллам бохийна Кадыров Рамзанан Iедало

Мултимедиа

Аудио
  • Нохчийн къомана биц ца белла, ирча беана хилла Чиллан бутт. Амма меттигера Iедалша дихкина

Умарова Амина
70 шо хьалха Чиллан баттахь нохчашна деана ирча 23-гIа де дагалоцуш, Даймахке сахьийзаш хан яьккхинчарна, мацаллех, цамгарх, къизачу Iедалийн карахь беллачарна тIера сагIанаш дохуш бу нохчий цIахь а, махкал арахьа а. Нохчий цIерабахаран тешаш белла дIабевлла. Кегий бераш долуш и бала Iийшинарш а, и де цкъа а дицлур доцурш, лела ца луш, могуш боцуш бу.
ГIиргIийзойчу хьовсийначу нохчийн доьзалехь дуьненчу яьлла ю, пенсехь йолу Тамара.
 
Тамара: "ГиргIийзочура Токмак-гIалахь бара тхан доьзал. Цигахь диъ бер дуьненчу делира. Вай дIадахана кхо шо даьлча йина ю со. Йоккхах ерг яра со доьзалехь. Тхан денанас сол а тIаьхьа дина хилла ши бер мацалла делла алара. Да-нана балхахь дара. Цигахь йоккхучу цхьана каналехь белхаш беш. "Стахановцаш санна аша болх бахь, шуна алапа алсам лур ду" олуш хилла. Амма тIаьхьуо, кхечарна санна бен луш ца хилла. Меца хан яра. Массо хенахь яахIума езара."
 
Наггахь а доьзал карор бац Нохчийчохь, цIерабохучу хенахь чуьраниг, я гергарниг тIепаза ванза. Шайн доьзалех лаьцна Тамарас дийцира.
 
Тамара: "Тхан доьзалера цхьа а  ца вайна. Жимма таронаш хилла хиларна, бала ца леш, чекхбевлла. Амма сан марзхойх дукха белла. Шортта девежарий, дейижарий хилла цуьнан. Уьш цхьаьллиг цхьаъ дийна ца висина. ХIара кийрахь волуш, эскаре дIавигина хилла цуьнан да, юха (ШолгIа Дуьненан) ТIама тIе вигинера. Цигара иза тIепаза вайна аьлла, документ деана хиллера. Вайначу стагана пенси ца луш Iедал дара Советаниг."  
 
Уггар хала лайначу баланех цхьаъ, мацалла яра. Тамарас дийцарехь. Да-нана ший а болх беш хиларна, иза берийн бешахь кхиъна. Нохчийн бераш дIаэцара гIиргIизойн берийн бешашка, аьлла деллачу хаттарна жоп луш цо элира.
 
Тамара: "ХIинца хуур дац суна цунна жоп дала. Канал тIехь балхахь дара тхан да-нана. Цхьана агIора эцчух тера ду. Со а яра берийн бешахь, сан йиша а яра. хIетахь цигахь даьхна сурташ дара тхан, хаза тIе хIума а юьйхина. Дерстина а дара тхо. ЯахIума дика хилара берийн бешахь. ЦIахь мацалла яра."
 
Тоьланашна, божалшна чу ховшийна баттахь а, кхин сов а цIерпошташкахь Азе бигина нохчий. Шаьш даьхна хIусам дагалоьцуш, Тамарас дийцира.
 
Тамара: "Нах гIийла Iаш бара. ЦIенка яьккхина хIусамаш яра дукха хьолана. Сан дененан цIерачара ахча а делла, эрз тIетоьхна цIераш дайтинера. Эрз тоьхнарш хIетахь дика лоруш хилла. Тхан йоккхачу денанна жима чоь яра, тхан берриг доьзална ши чоь яра, юкъахь пеш йолуш. Оцу пешана тIехь "лежанка" яра. Цу тIехь йовха ю олий, бераш цу тIе дийшадора.
Амма дечигца долу гIуллакх ледара дара. Тхуна уллехь шекаран завод яра. Цунна тIейоьлхучу цIерпошташна тIера чуэгна кIора лахьон додара тхан да-нана." 
 
Нохчаша гуттар а вовшашка олуш-хоттуш цхьа хIума хилла.
 
Тамара: "Хьалха, салам лучу меттана "Вай цIадохуьйту ца боху?", алара. Жимачуо, воккхачуо а иза хоттуш хилла. Вовшашка багахь аьлларг бен, кхин хаамаш ма бацара. ЧIогIа цадаха сатесна дара адам. Бехк боцуш, гуьнах боцуш, цIахь мел дерг охьатасийтина, арадаьккхина адам цIадаха сатесна дара.
ЦIерпоштана тIехь бехачу новкъахь дукха эхь-бехк хеташ, гIуллакх дан ара ца ваьлларг, цомгуш хуьлуш, леш хилла."
 
Нохчий цIерабаха омар къобалдина Сталин Иосиф веллачул тIаьхьа, цуьнан бехкенна цIерадаьккхинчу къоман Даймахка юхадерза хиллла дегайовхо алсамъяьллера. И велла де дагадогIу Тамарина а.
 
Тамара: "Сталин веллачу дийнахь со берийн бешахь яра. Тхан мел болу бехахой боьлхуш бара, саца ца туьгуш. Цаьрга а хьовсуш, юха тхо а, бераш а тIаьхьа, делха хIиттина, совца ца делча. хи мийлош, тхо метта дахкийта уьш лелла дага догIу суна. Иза велча а, кхоьруш, ца белха баьхьаш ца хиллачух тера дара нах.
Сталин веллий хаа а, цо хIун дина хаа а, со дукха жима яра."
 
Тиран-Сталин дIа а воллале, цIабаха ларчанаш вовшахтоьхна, I3 шарахь гулбина хилла бахам буха а буьтуш, цIахьаьдира нохчийн хьалхара тулгIе.
 
Тамара: "ШолгIа (цIабоьлхучарца) даьхкина тхо цIа. 1958-чу шарахь, Чиллан баттахь дара иза. Со 5-чу классехь яра, цхьана дийнахь цхьана кIанта классан у тIе "Кавказ" аьлла дош яздича. ХIетахь, тхан да КГБено лаьцна, чувоьллина вара. Кавказ йийца а, нохчийн хьал дийца а тхан чуьраниш баьхьаш бацара. Нехан чохь иза дуьйцуш хиллачух тера дара. Аса цу кIанте хаьттира, Кавказ бохург хIун ду? Цо элира, "вай кеста дIадохуьйту ма боху."

Хьалха баьхкинарш, цара (гIазакхаша) шайн чу а ца буьтуш, хьийзинера. Шайн чуьра хIума а евзина, "хIара маьнга са бу" аьлча, из дIа ца луш, лаьхкинера.
Тхан де декъан тIехь, цIенош хаьрцина, гу бен бацара. Поппаран кибарчигах хIусам йира шо даьлча, белхий а беш. 
 
Доккха эхь ду тахана, дерриг къоман дог дохош, Нохчийчохь къам цIерадаккхар Чиллан беттан 23-чу дийнахь билгалдаккхар дихкина хилар. Сочехь Iаьнан Олимпан ловзарш дуьйлале масех шо хьалха дуьйна а, Москохара омар доьссинчех тера ду Соьлж-гIала, нохчийн цIерабахар ма хьахадайта, аьлла.
 
Тамара: "ХIокху деношкахь иза дуьйцуш дац, хьахош дац. ЦIечу Эскаран дийнахь ямартлонца адам гул а дина, шийлачу Чиллан баттахь адам цIерадаккхар нахана дицлур ма дац. Реза боцуш бу. БIаьстенна дIатеттина и де. И де дицдалийта политика ю лелош ерг. Нахана дицлур-м дац иза."
 
Цул хьалха, Москохара Нохчийчу боьлхучу хьаькамашна ца тов аьлла, Маьхкадаьттан институтана дехьа агIора, Первомайский ураман юьххьехь йолчу майданахь хIолламана хIиттийна чурташ буха а даьхна, вовшашна тIек-тIекIала кхийсира. ВорхIе дайх дисина и чурташ санна, кегаелла ю нохчийн истори а. Божалан чохь Хьайбахахь 700 стаг вер толлуьйтуш дац.
 
Шина тIамехь эзарнашкахь къиза байъинчу нехан кешнаш достуьйтуш дац. Амма Соьлж-гIалахь бу, Нохчийчу воккха, жима а вен баьхкинчу оьрсийн салтийн а, инарлан Трошев Геннадийн а урамаш. ХIетахь яздира, «Нохчийчохь массара къобалдина тIе ца эцна, урамийн цIе хийцар». Ма-дарра аьлча, цхьана нохчочуо ца эцна. Цхьамма бен.
ХIара форум дIакъевлина ю.
Комменташ Къестор
Комменташ
     
мила: Мансур
27.02.2014 00:59
Януковичах, Юкрайнера пуркурорах Пшонкех х1ун хилла?! Изза хир ду 1944 Чиллан 23 ца дуьйцуьйтучу Москохана хьалха дала доьжна 1едалана. Зударий кучумаш йоьхна бовдуш гур бу шуна уьш. Бовдарх бевра бац. Моссо х1уманах жоп дала дезара ду.

мила: мохьмад стенгара: канада
23.02.2014 23:01
Нахах кхаьрдинарг т1едог1у олуш ду вайн! Г1азкхийчохь дарже х1оьттиначу цхьана стага оцу къомах шена луъург дойла хууш, церан осалалла йуьйцуш йара! Х1инца нохчийн маттахь г1урт буьйцучу таркхойх схьаваьллачу бежа1уьно ма де аьлларг ца деш, цуо де аьлларг деш схьабог1у нохчий . Амма цхьана стаге шен лаамна т1едерзалуш долу къам къам дуй-те!

мила: ЦIе ца йовзийтинарг стенгара: казахстан
23.02.2014 21:14
Дала гечдойла вайн дайшна наношна Дала г1азот къобалдойла церан массеран а .Дала бекхам бойла цу Делан мостаг1ашна и къиза де вайнахана т1ех1оттийнчу. Дала дуьненчохь а эхартахь а юьхь1аьржачу х1иттавойла вайна и де тахана дицдалийта г1ерташ верг . Дала даймахка ц1а берза пурба лойла тахана а хийрачу махкахь ц1а кхача аьтто боцуш бисинчарна .
Жоп луш

мила: noxcho
25.02.2014 00:12
Amin amin amin!!!

мила: ЦIе ца йовзийтинарг
23.02.2014 18:48
"Цхьана нохчочо ца ецца, цхьамма бен"... Маршо радионан бакъонаша магош дац стаг сийзазвен дешнаш лелор.
Жоп луш

мила: Мохьмад стенгара: канада
25.02.2014 22:22
Маршо радионо сийсаз ца вина цхьа а мелхуо а вуно к1еда-мерза г1иллакхе мотт бу цара пайдаоьцург! Вуьшта, оцу Нохчийчоьнна коьшкала хаийначу лилипутинан мурдана х1уъу аларх и сийсазвалур вац, дуьненахь мел долчу меттанашкахь мел боьха, маьттаза, эвхьаза дешнаш йаздарх ницкъ кхочур бац и аьшнаш ван, йемал ван, цуьнан сий дайъа,и йуьхь1аьржа х1отто, х1унда аьлча, йоцчунна т1ера хеча йаккхалур йац ворх1анга хьовха, ворх1 эзар стаге а!

ХIокху Авторан Алсамуо

  •  Яра Хьайбах я, яцара? И ду хаттар!
  •  Дицдан омар делла нохчийн кинематографна а
  •  Джемилев: ГIирмера гIезалой шайн дайн латта тIехь бу
  •  Малхбале Украинера референдумо йохийна бакъонаш
  •  Тангиев Тимур бакъвеш Страсбурган Кхело бина сацам юхаталла йолаелла Нохчийчура лакхара Кхел
Алсам Артиклш

Тхох лаьцна

Мобил:                        +420724019832
SMS/жоп ло машен:   +79262360465

Радио:
ЛадогIа   Лестамаш        Меттигера хан
денна       
9740, 11850      07:20 - 07:40
денна      11900, 15620     19:20 - 19:40

Сателит:
Eutelsat Hot Bird 13B
Орбитера меттиг: 13
° малхб
Поларизаци: Vertical
Лестам: 12.226 GHZ
FEC: 3/4
Керла Символан Барам: 27.5 MS

ЛадогIа тхоьга

Нохчийн программа

Суьйранлера Программа